Халкъана везар, поэт, даз ма делахь дукха,
Хесторан йоккха г1овг1а сиха д1айовр йу.
1овдалчо кхиэлйар, нехан белар хезар ду-кха,
Хьо-м шек а воцуш, ч1ог1а латта везаш ву.
Хьо – паччахь! Хьуо - цхьа ваха. Маьрша д1аг1о новкъа,
Ладог1ий, кхойкхуш хьайн маьршачу хьекъале.
Ойланийн хьоме йолчу стоьмаш кхиаде,
Хьуьнар хьайх даларх, ма лехалахь совг1ат.
И хьоьца ма ду. Хьо – хьайн уггар лекха кхел,
Хьайн белхан мах а луьра хадош массарел.
Хьо цунна реза вуй-ткъа, сема исбаьхьалча?
Реза вуй? Т1аккха наха дуьйцург чот ма йе ,
Диттича туйнаш, хьан ц1е йогуш, алтарь т1е,
Аьрхаллехь берийн хьан г1ант цара лесто даьлча.